Государственный русский драматический театр им. М.Ю.Лермонтова

"Без культуры - нет нации"

Ахмат Абдулхамидович Кадыров

Газета "Даймохк". Статья о гастролях МХАТ им. М. Горького в Грозном

МХАт-н театро соьлжа-гӀалахь
«Пигмалион» спектакль гайтира

Театран искусство йезачу Нох- чийн Республикин бахархойн даха- рехь башха хилам бара оханан бет- тан 14 –15-чуй деношкахь хилларг. «Росконцерто» вовшахтоьхна Россин Федерацин культурин министер- ствон йерригроссин гастрольни- концертан программин планан гурашкахь Нохчийн Республике «Йаккхийчу гастролашкахь» кхаь- чнера Гоьркийн цӀарахчу Москван исбаьхьаллин академин (МХАТ-н) театр.
Россин Федерацин культурин ми- нистра Любимова Ольгас билгал ма- даккхара, гастролан цхьааллин система меттахӀотторах боккха кхаъ хилла вайн пачхьалкхан кхоллараллин кол- лективашна. Россин Федерацин куль- турин министерствон йерригроссин гастрольни-концертан программин план кхочушйаран гурашкахь «Йаккхий га- стролаш», «тхо – Росси йу» программаш кхочушйарехь шо-шаре алсамбуьйлуш бу дакъалацархой. Вайн пачхьалкхан мел генарчу махка гастролашкахь хила аьтто хуьлу бӀеннаш артистийн, цигахь зеделларг гулдан а, кхоллараллин хьаь- рмахь даима а оьшуш болу кхоллараллин суй лато а меттигаш нисло. ткъа Россин йаккхийчу а, кегийчу а гӀаланийн бахар- хойн тоьлла спектаклаш а, концерташ а ган аьтто хуьлу».
Россин Федерацехь йевзина ца Ӏаш, дуьненахь а йевзаш йолчу МХАт-н актераша соьлжа-гӀалахь даьккхинчу шина дийнахь М.Ю.Лермонтовн цӀарах йолчу оьрсийн драмин театран йок- кхачу сцени тӀехь гайтинарг ингалсан литературин классикан, драматурган Шоу бернардан «Пигмалион» пьеси тIехь сссР-н халкъан артисткас До- ронина татьянас хIоттийна хилла йолу спектакль йара.
Зал йуьззина болчу хьовсархошка а, республикин хьешашка а маршаллин дош элира М.Ю.Лермонтовн цӀарах йолчу драмин оьрсийн театран директора Осмаева Заретас. соьлжахоша шатай- па, даггара тIеийцира театран труппин актераш. царна йукъахь – цветанович Олег, Коновалов Юрий, Коробейникова елена, голубина Лариса, Россин Феде- рацин хьакъболу артисткаш Фадина Ирина, Пирогова Наталия, ткъа иштта, Прокопив Диана, Халтурин Владимир, Ракович Юрий, Зайков Андрей, Чайкина Альбина.
Шоу бернардан уггар а йевзаш йолчу пьесех цхьаъ йу «Пигмалион». Иза литература йезархошна а, театран хьовсархошна а дукхайезаран бахьана романтикин сюжет хилла ца Ӏаш, пьеса ингалсан забаршца йуьззина, курачу светскин йукъараллехь тӀех чӀагӀбина, амма могӀарерчу нахана цкъа а оьшур боцу бехкамаш цо беламе баьхна гайта хаар ду. билгалдакха догӀу, хьовсархош- на спектаклан режиссура а, похӀмечу актерийн къеггина ловзар а дагах кхетта хилар. Хьовсархойн могӀаршкахь зевне беларш гӀаттош хуьлура забаре хӀора дош а! Ала дашна, ингалсан забар шен кIоргаллица, хьекъалца, чулацамца чӀогӀа нохчийн халкъан забарех тера йогӀуш йу. Аудитори иштта сема цунде- ла йарий техьа аьлла а хийтира. Доцца аьлча, МХАт ша кхача йезачу махка кхаьчна йар-кха. спектакль а хаза йара, хьовсархой а товш бара.

З.Хизирова Суьрта тӀехь: «Пигмалион» спектакль гайтар

(Газета Даймохк)